Рубрика «Герой нашего времени

28.04.2023

Рубрика «Герой нашего времени »Кадырова Роза (бакъйолу ц1е Зураъ) йина 1961-чу шеран оханан беттан 18-чу дийнахь, Шелан к1ошта чуйог1учу исбаьхьа 1алам долчу йоккхачу Эвтарахь, ахархочун Делимбекан доьзалехь.  Йуьхьанцара школа чекхяьккхина Эвтарарчу барх1шеран школехь. Жима йолуш дуьйна лиъна Розина хьехархо хила.   Кхид1а итт класс чекхйаьккхина Эвтарара лоьмар шиъ йолчу школехь. 1981-чу шарахь иза деша йоьду Нохч-Г1алг1айн Пачхьалкхан Л.Н.Толстойн ц1арахчу университете филологин факультете къоман отделени (заочно). Иза чекхйоккху цо 1986-чу шарахь.    Шен къинхьегаман некъ Розас болийна 1981- чу шарахь Эвтарарчу барх1шеран школехь йуьхьанцарчу классашкахь. 1982-чу шарахь Розас болх бо Курчалой-Г1алин лоьмар цхьаъ йолчу школехь йуьхьанцарчу классашкахь. 1983-чу шарахь иза сехьа йолу Курчалой-Г1алин дешаран центре нохчийн мотт, нохчийн литература хьеха болх бан. Х1етахь дуьйна болх беш таханлерачу дийне кхаччалц, къахьоьгуш схьайог1уш ю и.  Розехь нохчийн зудчуьнгахь хила йезаш йолу амал го вайна. Цуьнах лаьцна долу мерза, аьхна долу дешнаш коллективан эсехь дисна тахна а. Иза ч1ог1а нохчийн 1адаташ лардеш, цул сов, шен къоман мотт безаш г1иллакх - оьздангалла шегара йоккхур йоцуш стаг ю. Цуьнан белхан накъостоша иштта дуьйцу цуьнах лаьцна: «Роза суна йевза дукха хан ю, иза хьехархочун новкъахь дуьххьарлера г1улчаш йаха йолайелчахьана дуьйна. Цуьнца цхьаьна доьзна, ала деза, цо шен корматалла, дешархошца йолу шен башха йукъаметтиг, царна нохчий мотт 1амо, иза бовзийта, безийта йолу 1алашо йуьхьанца дуьйна гучуйаьккхина хилла хилар. Нохчийн мотт бийца берана дуьххьара нанас 1амадахь а, амма меттан исбаьхьалла, цуьнан оьздангалла гойтуш верг хьехархо ву. Х1унда аьлча йеша а, йаздан а, Даймохк бовза а, цуьнга безам кхолла а, нохчийн меттан хазалла к1орггера гойтуш йолу литература 1амайо цо дешархошна».    Роза йевзаш ю к1оштахь а, Республикехь а шен кхиамашца. Иза Россин пачхьалкан «Лараме белхало» ю.   Цо дакъалаьцна дуккха а къийсадаларшкахь. Совг1аташ дина дипломашца а, ахчанца а, грамоташца а вайн къоман куьйгалхочо а, иштта правительствос а и. д1.кх.